×
No Description

    ИСКЪАТ ДАР

    Адама Султана Олхазар
    БисмиллахIиррохьманиррохьим

    Вайн махкахь, вайна юкъахь стаг велча лелочу дуккха а гIуллакхех цхьа хIума ду, вайна "искъат" цIарца девзаш. ХIун бохург ду иза? Стенгара схьадаьлла иза? ХIун хьукм ду цуьнан диъ мазхIабан Iелам-нахана гергахь? Иштта хаттаршна жоп дала хьовсур ду вай кхузахь, Делан пурбанца.

    "Искъат" бохучуьнан маьIна

    Доьххьара, Iелам-наха аьлларг дийцале, довза деза «искъóтI» бохучуьнан маьIна. «ИскъóтI» бохург цхьа хIума тIера дожор ду, «искъóтIуссолáти Iанил-маййит» аьлла цхьаболчу Iелам-наха жайнахь хьахош дерг – веллачуьнан ца деш диссина ламазийн хьакъ цунна тIерадожор ду, ламазана тIера каффарат далар ду, хIора ламазана тIера цхьацца кан даар даларца, ца кхабалуш диссина мархин хьакъ тIерадожор санна. Цундела кхидIа вай иза дуьйцуш вайна гур ду, дукхах болчу Iелам-наха цунах «фидйахI» аьлла хилар, и бохург – каффарат далар, хьакъ тIерадоккхуш цхьа хIума дар, къаьсттина аьлча: даар далар ду.

    "Искъатан" бух, тешалла

    Иза схьадалар а, цуьнан бух а хIокху хаттарца доьзна ду:

    Нагахь санна цхьа стаг – йа зуда – кхабаза тIехь диссина парз марха а долуш велча, цуьнан гергарчу наха хIун дан деза? ХIора марханна тIера мискачунна даар дала деза цара, йа цунна тIера доькхуш кхаба деза цуьнан диссина марханаш?

    Iелам-нехан ши дош ду кху хаттарна жоп луш.

    Хьалхарниг: Абу Хьанифас а, Малика а, Ахьмад бин Хьанбала а, ШафиIийс шен керлачу дашехь а, церан мазхIабашкара Iелам-наха а, гергарчара цуьнан хIора мархина тIера мискачунна даар дала деза аьлла. Цара иза аларан бахьана, Тирмизийс а, Ибн Маджас а, Ибн Хузаймас а дийцин долу хьадис ду, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Нагахь санна цхьаъ шена тIехь мархин беттан марханаш а долу лахь, хIора денна тIера цхьана мискачунна даар лойла цунна тIера». Кхин а, уьзза маьIна долуш дийцина цара а, кхечара а Iумар ибн Ал-ХаттIаба а, Ибн Iумара а, Ибн Iаббаса а аьлла долу дешнаш. Абу Хьанифас а, цхьаболчу Iелам-наха а, хIора денна тIера дала деза даар ах сахь ду аьлла, цхьана хьадисехь деана ма-дарра; Малика цхьа кан даар ду аьлла, Ибн Iумара ма-аллара.

    ШолгIаниг: Имам ШафиIийс шен шинан дашах хьалхарчу дашехь а, иштта цхьаболчу цуьнан хенахьлера Iелам-наха а аьлла, гергарчара цунна тIера доькхуш кхаба деза цуьнан диссина долу марханаш. Цара иза аларан бахьана хилла, Бухарис а, Муслима а, Абу Давуда а, Ахьмада а, кхечара а дийцина долу хьадис ду, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шена тIехь марха а долуш веллачунна тIера (цуьнан диссина марханаш) кхобур ду цуьнан «валийс» (гергарчу стага)».[1]

    Иза девзинчул тIаьхьа... Абу Хьанифатан мазхIабера Iелам-наха – Дала къинхетам бойла церах – ца кхобуш диссинчу мархийца дуьстина ца деш диссина ламаз.[2] Кхабаза диссина парз марха а долуш веллачу стагана тIера, хIора марханна тIера цхьана мискачу стагана ах сахь даар дала дезаш хилча – Ибн Iаббаса ма-аллара – иштта и санна дан деза даза диссина парз ламаз а долуш веллачу стагна тIера а, хIунда аьлча ламаз мархел хьалха долу дела, цунна тIера ламаз дан а мегаш доцу дела, ткъа ламаз а, марха а цхьатера хилча, хьадисехь билгал динчу марханна тIера санна ламазана тIера а даар делча гIолий ду цу ламазан хаттам тIехь буьссур бац ала. Иштта аьлла Хьанафú мазхIабера Iелам-наха. Iаьрбийн маттара аьлча, цара ламазна а, марханна а юкъахь «къийáс» йина. Ткъа иштта и «къийáс» йар а, ламаз оцу гIуллакхехь марханах дIатохар а, цара шаьш ма-аллара «Усýлул-ФикъхI» Iилманехь къастош ду, цигахь талла дезаш а ду.

    Iелам-нахана герагхь "искъатан" хьукм

    Цул тIаьхьа…

    Дукхах болчу Iелам-наха – Маликийн а, ШафиIийн а, Хьанбалийн а мазхIабера болчара – веллачунна тIера цо ца деш диссина долу ламазашна тIера даар дала ца деза аьлла, тахана вайна юкъахь девзаш долу «искъат» дан ца деза аьлла, иза дар тIехь дац аьлла.[3]

    Хьанафийн мазхIабера Iелам-наха, нагахь санна цхьана стага шега далушшехь, шега далуччу кепара ламаз ца деш дитинехь, тIаккха иза доькхуш дале иза веллехь, цуьнан хIора ламазана тIера цхьацца кан даар дала деза аьлла, тахана вайна девзаш долу «искъат» дан деза аьлла. Церан тешалла (бух) иштта бу: хьадисехь билгал дина мархийна тIера даар дала дезар, ткъа ламаз мархел коьрта ду, цундела уьзза цунна тIера а до; вуьшта аьлча хьадисехь даар даларца билгал динчу мархица дуьстина цара ламаз, «къийáс» йарца. Иштта барт хилла Хьанафийн мазхIабан Iелам-нехан.

    Цхьаболчу ШафиIийн мазхIабера Iелам-наха а аьлла, веллачуьнан ламазашна тIера оцу кепара каффарат ло аьлла. Иза аьллачерах цхьаъ ву Имам Ал-БагIавий – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Ат-ТахIзúб» жайни тIехь. Церан тешалла (бух) иштта бу: лакхахь бийцина болу мархица дустаран бух а бу, Имам Ал-БагIавийгара схьабеана хIара бух а бу: Ал-БувайтIийс Имам ШафиIийгара схьа шолгIа дош дийцина, цо, веллачунна тIехь диссина долу иIтикáфана тIера даар дала деза аьлла аьлла, цуьнан оцу дашца дуьстина Имам Ал-БагIавийс ламазана тIера даар далар. Цо аьлла: «Ал-БувайтIийс дийцинчу оцу дашна (иIтикафана) гена дац ламаз а, цундела хIора ламазана тIера цхьацца кан даар лур ду».

    Вай долчахь доьшуш лелош дерш ШафиIийн мазхIаб долу дела, хьалхе дуьйна вайна юкъахь лелаш хилла долу хьукманаш цу мазхIабан бакъонашца хилла дела, ШафиIийн мазхIабера Iелам-наха цунах аьлларг хьахийча дика хир ду. Делахь а, цара аьлларг дийцале хьалха, ШафиIийн мазхIабехь дерг иштта ду аьлла ала йиш йолуш, билггал мазхIаб муха лору довзийта деза.

    Цхьана хаттарна Iелам-наха делла жоп лохуш волчо, ШафиIийн мазхIабо цунна муха жоп делла шена хаа лаахь, цунна хаа деза:

    1 – Имам РóфиIийн а, Имам Нававийн а барт хилла долу хIума мазхIаб хилар. Масала, хIинца вай дуьйцучу хаттарехь оцу шинне а Имамо аьлла, веллачуьнан диссина ламазаш делахь, царна тIера и «фидйахI» ца ло аьлла. Цу шинне а цу тIехь барт хилла. Цундела, иза мазхIаб лоруш ду.

    2 – Нагахь санна цхьана хаттар тIехь Имам РóфиIийн а, Имам Нававийн а къовсам хиллехь, цу шиннах хьалхадоккхуш дерг Имам Нававийс аьлларг ду.

    3 – Оцу шина имама хьахийна доцу хаттарш довза лаахь, цаьршиннал тIаьхьа хилла волчу шина Имама – Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийн а, Ар-Рамлийн а - барт хилла хIума мазхIаб лоруш ду. Кхин а чIогIа иза чIагIлуш ду цаьршинца цхьаьна Имам Ширбúнийс а, Шайхул-Ислáм Закариййá Ал-Ансóрийс а уьзза жоп деллехь. Масала, хIинца вай дуьйцуш долу хаттар а церан массеран а барт хилла хаттар ду.

    Иза девзинчул тIаьхьа, мазхIабан Iелам-наха оцу хаттарх лаьцна аьлларг дуьйцур ду вай:

    Имам Ар-РóфиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Нагахь санна цхьа стаг шена тIехь диссина ламаз, йа иIтикáф долуш лахь, цуьнан валийс (гергарчо) цунна тIера доькхуш дийр дац иза, йа даар даларца тIера а дожор дац иза. Ткъа, БувайтIийс аьлла, ШафиIийс – Дела реза хуьлда цунна – аьлла аьлла иIтикафах лаьцна, веллачуьнан валийс цунна тIера доькхур ду иза аьлла. Кхечу дашехь, цуьнан валийс (иIтикафана) цунна тIера даар лур ду аьлла а ду. «Ат-ТахIзúб» жайна яздинчо (Ал-БагIавийс) аьлла: «Ал-БувайтIийс дийцинчу оцу дашна (иIтикафана) гена дац ламаз а, цундела хIора ламазана тIера цхьацца кан даар лур ду».[4]

    Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Нагахь санна цхьа стаг шена тIехь диссина ламаз, йа иIтикáф долуш лахь, цунна тIера доькхуш дийр дац иза, йа даар дала а ца деза цунна тIера. ИIтикафехь деана цхьа кхин дош а ду, ткъа дика хууш верг АллахI ву». Иштта аьлла Имам Нававийс «МинхIáжут-тIóлибúн» тIехь, уьзза маьIна долу дешнаш аьлла цо «Ровдатут-тIолибúн» тIехь а, «Ал-МаджмýI» тIехь а.

    Имам Нававийн оцу «МинхIáжут-тIóлибúн» жайнин маьIна динчу виъ Имама а тIечIагIдина цо аьлларг, бакъду Имам РóфиIийс дийцина долу кхидолу дешнаш а дийцина церах цхьаболчара. Оцу веаннах хенаца хьалхарниг ву Имам Ал-Махьаллий – Дала къинхетам бойла цунах – вайн цIахь девзаш долу «Маьхьалш» цуьнан цIарах ду, цо яздина а ду. Имам Нававийн оцу дешнашна юккъехь иштта маьIна дина цо [къовларш юкъахь дерг Имам Махьаллийн дешнаш ду, важадерг Имам Нававийн ду]: «Нагахь санна цхьа стаг шена тIехь диссина ламаз, йа иIтикáф долуш лахь, (иза) цунна тIера доькхуш дийр дац (цуьнан валийс), йа даар дала а ца деза (цунна)». Иштта тIечIагIдина дитина цо иза, кхидолу дош ца олуш.

    Оцу веаннех ву Имам Аш-Ширбúний – Дала къинхетам бойла цунах – цо аьлла «МугIнил-Мухьтáдж» тIехь: «Нагахь санна цхьа стаг шена тIехь диссина ламаз, йа иIтикáф долуш лахь, (иза) цунна тIера доькхуш дийр дац, йа даар дала а ца деза (цунна, иза (суннатехь) деана доцу дела)».

    Оцу веаннех ву Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий – Дала къинхетам бойла цунах – цо аьлла «Тухьфатул-Мухьтáдж» тIехь: «Нагахь санна цхьа стаг шена тIехь диссина ламаз, йа иIтикáф долуш лахь, цунна тIера доькхуш дийр дац, йа даар (делча иза тIера а дер дац, иза (суннатехь) деана доцу дела)».

    Оцу веаннех ву Имам Ар-Рамлий – Дала къинхетам бойла цунах – цо аьлла «НихIáйатул-Мухьтáдж» тIехь: «Нагахь санна цхьа стаг шена тIехь диссина ламаз, йа иIтикáф долуш лахь, цунна тIера доькхуш дийр дац, йа даар дала а ца деза (иза (суннатехь) деана доцу дела)».

    Шайхул-Ислам Закариййá Ал-Ансóрийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла «Фатхьул-ВаххIáб» тIехь: «Шена тIехь диссина ламаз, йа иIтикáф долуш веллачунна тIера дийр дац ламаз а, цунна дала ца деза даар (фидйахI) а, и шиъ (суннатехь) деана доцу дела». «Аснал-МатIóлиб» тIехь а аьлла цо уьзза маьIна долу дешнаш.

    Иштта ду ШафиIийн мазхIаб лоруш дерг – и «искъат» деш ца хилар. Ткъа, масех Iелам-стага ма-аллара, цхьаболчу мазхIабера Iелам-наха иза деш ду аьлла, цхьаболчара иза а ца деш, доькхуш ламаз деш ду аьлла. ХIоранне а шен-шен далил ду, шен-шен бух бу. Ткъа цу юкъахь вайна уггар нийса хетарг а, Далла хьалха вай дин дина тIелаьцна дерг а шина Имама – РофиIийн а, Нававийн а – барт хилларг ду, иза ШафиIийн мазхIаб а ду, иза далилаца чIогIа дерг а ду. И лакхахь дийцинарг доцург, и дан ца дезар вай харжаран бахьана кхин цхьаъ а ду: Болгари олучу пачхьалкхера цхьаболчу бусалба наха, оцу «искъатана» тIе а доьгIна, моллина тIе а боьлхе шайна тIера ламазаш тIера дохуьйту аьлла хезза суна. Цул совнаха, тахана вай долчахь ма-леллора иза лелийча, ша велча и «искъат» дичахьана тIера девр дара ламазаш-м бохуш, ша дийна волуш ламазаш ца деш лела а тарло стаг, лелаш берш бан а бу бах кхечу пачхьалкхашкахь, ткъа иза кхин ца хиллал боккха бохам бу.

    Дала вай лелош дерг Шен доьхьа дойла, Дала вайна гечдойла, Дала вай Шех тешарца чIагI а дойла!

    Ткъа, дика хууш верг АллахI ву!

    [1] Имам ШафиIийс керла аьлла долу дош цуьнан мазхIаб лоруш доллушехь, Имам Нававийс а, цул тIаьхьа баьхкинчу ШафиIийн мазхIабера Iелам-наха а цуьнан доьххьарлера дош нийса ду аьлла, керланиг дац аьлла, хIунда аьлча далилаца чIогIа дерг доьххьарлераниг долу дела, шолгIачу дешан тешалла долу хьадис гIийла долу дела, хьалхарчу дешан тешалла долу хьадис нийса долу дела. Имам ШафиIийс ша а аьлла хилла аьлла дийцина цхьаболчу Iелам-наха, шега кхаьчна долчу иснадаца и хьадис шена нийса ца хетча, нагахь санна и марха кхабар дуьйцу хьадис нийса хилахь уьзза ша а бах аьлла. Вайна ма-хаара, Имам ШафиIий Бухарил а, Муслимал а хьалха хилла ву, муххале а Бухари Имам ШафиIийн мазхIабехь хилла ву. Ткъа и марха кхабар дуьйцу хьадис нийса хилар вайна билгал даьлча, цуьнан шина дашах нийсаниг хьалхарниг ду, нийсачу хьадисаца догIуш дерг, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен хIора жайни тIехь билгал ма-даккхара. ХIокху масало вайна гойту, Iелам-наха далилаца чIогIа дерг бен лелош ца хилар, мазхIаб бохург цхьаболчарна ма-моттара кхоьллина хIума ца хилар.

    [2] Хьажа – масала: «Ал-МабсýтI», «Китабус-сийам», Ас-Сарахсий; «Ал-Iинáйату шархьул-хIидáйахI», «Китабус-сийáм» Ал-Бáбартий; «Ал-Бахьрур-Рóикъ шархь Канзид-Дакъóикъ», «Бабу къодóил-фавáит», Ибн Нуджайм; «Хьашийту Ибн Iáбидúн», «Бабу къодоил-фаваит», Ибн Iáбидúн; «Ал-ДжавхIаратун-НаййирахI», «Китабус-савм», Ал-Iаббáдий.

    [3] «Ал-МавсýIатул-ФикъйиййахI», «СукъýтI» - дош.

    [4] «Фатхьул-Iазúз Шархьул-Ваджúз», Имам Ар-РóфиIий, 6/457.