×
Марха достучу дийнахь а, гIурба дуьйчу дийнахь а Дела хьахорах лаьцна дуьйцуш ду хIара яздар, Къуръан тIехь а, Суннатехь а деана ма-дарра. «Ал-Азкар» цIе йолчу Имам Нававийн (Дала къинхетам бойла цунах) жайни тIера ду хIара

    ШИНА IИЙД-ДИЙНАХЬ ДЕШ ДОЛУ ЗИКР

    Имам Нававий

    «Ал-Азкáр»

    Гочдина:

    Адама Султана Олхазар

    Хьуна хаийла, шина Iийд-дийнан ши буьйса лекха хинволу АллахI хьахош, ламазаш деш, кхидолу Iибадаташ деш яккхар мелехь хилар. Цунах лаьцна деана ду хьадис: «Шина Iийд-дийнан ши буьйса (Дала Iибадат дарца) сема яьккхинчуьнан дог лийр дац дегнаш лечу дийнахь». Кхин а деана ду: «АллахIа доьхьа, АллахIера мел хиларга догдохуш, шина Iийд-дийнан ши буьйса ламаз деш яьккхинчуьнан дог лийр дац дегнаш лечу дийнахь». Иштта деана ду ШафиIийс а, Ибн Маджас а дийцинчу хьадисехь, ткъа и хьадис гIийла ду, Абу Умáматехула Пайхамарера а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнгара шегара а дийцина ду иза вай, ткъа и шиъ ший а гIийла ду, делахь Iамалийн дозалла дуьйцу хьадисаш ишттачу меттехь къобал деш ду, вай хьалха жайна дIадолош билгалдаккхаре терра.

    ТIаккха, Iелам-наха тайп-тайпана тидина, и буьйса сема яккхар буьйсанан мел хенахь сема Iийча кхочуш хуьлу. Цу юкъара къаьсташ дерг – дукхах йолу буьйса Iибадат деш сема яьккхича бен кхочуш ца хилар ду; цхьана хена юкъахь иштта Iийча хуьлу аьлла а ду.

    Дакъа: Шина Iийд-дийнан шина буьйсанна такбир дар мелехь ду. Марха дастаран Iийд-дийнан буьйсанна малх чубуьзчахьана дуьйна дIадолийна, Iийд-дийнахь имамо Iийд-ламаз дIадехккалц, ламазел тIаьхьа а, кхечу хьолашкахь а такбир дар мелехь ду. Такбир совдоккхур ду адамаш дукха гуллучу меттигашкахь, такбир дийр ду ирахь воьдуш волуш а, охьахиъна волуш а, дIатевжина волуш а, шен некъахь волуш а, маьждигехь волуш а, шен меттахь волуш а. Амма гIурбанан Iийд-дийнахь такбир дийр ду Iарафат-дийнахь Iуьйра-ламаз динчул тIаьхьа дуьйна, гIурбан-денна тIаьхьадогIучу кхаа дийнах тIаьххьарчу дийнахь малхбуза ламаз даллалц. Оцу малхбуза ламазл тIаьхьа а такбир а дина, тIаккха сацор ду цу дийнахь – иза ду уггар нийса дерг, лелош дерг, цу тIехь Iелам-нахана юкъахь евзаш йолу хилпало ю, вайн мазхIабехь а, кхечу Iелам-нахана юкъахь а, делахь а нийса дерг вай хьахийнарг ду, иштта и санна даьхкина хьадисаш ду БайхIакъийн «Сунан» тIехь; ткъа ас иза дерриге – хьадисах дерг а, мазхIабаш дийцар а – билгалдина «Шархьул-МухIаззаб» тIехь, цигахь ас хьахийна цу хаттарх дозуш долу массо кхидолу хаттарш, ткъа кхузахь ас хьахош дерш дацдина хаттарш ду.

    Вайн (мазхIабан) Iелам-наха аьлла: такбиран дешнаш иштта алар ду: «АллóхIу акбар, АллóхIу акбар, АллóхIу акбар»[1] - иштта кхозза тIаьхьий-хьалхий такбир дар. Иза шен лааме хьаьжжина юх-юха эр ду. ШафиIийс а, Iелам-наха а аьлла: нагахь санна цул совдаьккхина, иштта аьлча а дика хир ду: «АллóхIу акбар кабúрó, валхьамдулиллáхIи касúрó, ва субхьáналлóхIи букратан ва асúлá, лáилáхIа иллаллóхIу ва лá наIбуду иллá иййáхI, мухлисúна лахIуддúна ва лав карихIал кáфирýн. ЛáилáхIа иллаллóхIу вахьдахI, садакъа ваIдахI, ва насара IабдахI, ва хIазамал-ахьзáба вахьдахI, лáилáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар».[2]

    Вайн (мазхIабан) Iелам-нахах цхьаболчара аьлла: Наха олуш долу хIара аьлча а хIумма а дац: «АллóхIу акбар, АллóхIу акбар, АллóхIу акбар, лáилáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар, АллóхIу акбар ва лиллáхIил-хьамд».[3]

    Дакъа: Хьуна хаийла, такбир дар шина Iийд-дийнахь дечу хIора ламазал тIаьхьа дан мегаш хилар, парз делахь а, суннат делахь а, йа докъа-ламаз делахь а, парз ламаз шен хенахь деш делахь а, доькхуш деш делахь а, чIагIонна деш делахь а. ХIокху юкъара цхьадолчунна тIехь хилпало ю, хIара иза юьйцу меттиг яц, ткъа цу юкъара нийсаниг ас дийцинарг ду, цу тIехь фатва луш а ду, цуьнца Iамал еш а ю. Ткъа нагахь санна ламазехь хьалхаваьллачу имамо, тIаьхьахIоьттинчунна дан ца деза аьлла хетачу меттехь такбир дахь – масала имамана Iарафат-дийнахь такбир дан деза аьлла хеташ делахь, йа Iийд-дийнал тIаьхьа долчу кхаа дийнахь, тIаьхьахIоьттинчунна иза иштта дан ца деза аьлла хеташ а долуш, йа цу шиннахь цхьаъ вукхуьнан метта хилча – имамана тIаьхьаваза веза иза, йа ша тешаш верг дан деза цо? Цу тIехь ши агIо ю вайн мазхIабера Iелам-нехан, цаьршиннах уггар нийсаниг – ша тешаш верг дан деза цо, хIунда аьлча имамо салам даларца чекхдолу иза имамана тIаьхьаваза везар. Делахь а, нагахь санна Iийд-ламаз дечу хенахь имамо тIаьхьахIоьттинчунна дан деза аьлла хетачул совнаха такбир дахь, тIаьхьахIоьттинчо цуьнца цхьаьне такбир дан деза, шена и дан деза аьлла ца хетахь а, хIунда аьлча иза имамана тIаьхьаваза везаш ву.

    Дакъа: Iийд-ламаз деш суннат ду «Фатихьат» дешале хьалха совнаха такбир дар. Иштта, хьалхара ракаIатехь ламаз дIадехкаран такбир доцург кхин а ворхI такбир дийр ду, шолгIачу ракаIатехь сужудера хьалагIоттуш деш долу такбир доцург пхи такбир дийр ду. Хьалхара ракаIатехь деш долу такбир ламаз дIадолоран доIа динчул тIаьхьа а, «АIýзу биллáхIи минашшайтIóнирроджúм» алале хьалха а дийр ду, шолгIа ракаIатехь деш дерг «АIýзу биллáхIи минашшайтIóнирроджúм» алале хьалха дийр ду. ХIора шина такбир юкъахь хIара дешнаш алар мелехь ду: «СубхьáналлóхIи валхьамдулиллáхIи валáилáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар»[4] - иштта аьлла дукхах болчу вайн мазхIабан Iелам-наха. Цхьаболчара иштта эр ду а аьлла: «ЛáилáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIул-мулку ва лахIул-хьамд, бийадихIил-хойру ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр».[5] Абу Наср ибн Ас-СоббáгIа а, вайн мазхIабан кхечу Iелам-наха а аьлла, наха олуш долу хIара дешнаш аьлча а дика хир ду аьлла: «АллóхIу акбар кабúрó, валхьамдулиллáхIи касúрó, ва субхьáналлóхIи букратан ва асúлá».[6] Ткъа хIара ша-дерг шена луург ала йиш йолуш паргIат ду, цхьаъ ала деза аьлла тIедоьжна дац, муххале а хIара дерриге зикр ца деш Iаддитахь а, ворхI а, пхиъ а такбир ца деш Iаддитахь а ламаз нийса хуьлу, вицваларан сужуд дан а ца деза, делахь дезаниг ца деш дуьссу. «Фатихьат» деша волаваллалц такбир дар дага ца дагIахь, и такбираш юха дан ца деза – и ду нийса дерг Iелам-наха аьллачух; ШафиIийс аьлла цхьа заьIап дош а ду, уьш юха дан деза аьлла.

    Амма Iийд-ламазехь деш долчу шина хутIбехь суннат ду хьалхара хутIба дIадолош исс такбир дар, шолгIаниг долош ворхI такбир дар.

    Амма Iийд-ламазехь Къуръан дешарх лаьцна вай билгалдира «Ламазийн зикран куц» цIе йолчу дакъана юкъахь. Иза дара, хьалхарчу ракаIатехь «Фатихьатал» тIаьхьа «Къаф» сурат дешар, шолгIачу ракаIатехь «Икътарабатис-сáIату» дешар, йа шена лаахь хьалхрачу ракаIатехь «Саббихьисма роббикал-аIла» дешар, шолгIачу ракаIатехь «ХIал атáка хьадúсул-гIóшийахI» дешар.

    [1] «АллахI массо хIуманал воккха ву! АллахI массо хIуманал воккха ву! АллахI массо хIуманал воккха ву!».

    [2] «АллахI массо хIуманал воккхахиларца воккха ву, АллахIана дукха хастам а бу, АллахI Iуьйренца а, суьйренца а Сийлахь ЦIена а ву, АллахI воцург кхин Дела вац, Цунна цхьанна бен вай Iибадат деш а дац, цIенчу даггара, Цуьнан доьхьа, керста нахана иза цадезахь а. Цхьа АллахI воцург кхин Дела вац, Шен ваIд кхочуш йина Цо, Шен лайна гIо а дина Цо, Ша цхьамма тобанаш эша а йина Цо, АллахI воцург кхин Дела вац, АллахI массо хIуманал воккха ву!».

    [3] «АллахI массо хIуманал воккха ву! АллахI массо хIуманал воккха ву! АллахI массо хIуманал воккха ву! АллахI воцург кхин Дела вац, АллахI массо хIуманал воккха ву. АллахI массо хIуманал воккха а ву, АллахIана хастам а бу».

    [4] «Сийлахь-цIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин Дела а вац, Воккха а ву АллахI массо хIуманал».

    [5] «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Цуьнан керахь ду ша-долу дика, массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву Иза».

    [6] «АллахI массо хIуманал воккхахиларца воккха ву, АллахIана дукха хастам а бу, АллахI Iуьйренца а, суьйренца а Сийлахь ЦIена а ву».