×
No Description

    НАРДЕХ ЛОВЗАР

    Адама Султана Олхазар

    Лекха хинволчу АллахIаца ларлуш, Цо шена генадаьккхинчу шайтIанах…

    Къинхетаме а волуш, къинхетам беш а волуш волчу АллахIан цIарца!

    Вайн кегийчу нахана юкъахь даьржина цхьа ловзар ду, нардаш олуш. Оцу лвзарх лаьцна соьга хаьттира, сан цхьана, бусалба динан вешо.
    Цхьайолчу меттигашкахь, вуно дукха хан а йойъуш, вовший девнаш а дохуш, кхин цхьанне хIуманца бала а боцуш ловзу оцу ловзарх вайн кегий-нах. Царна ца хаьа, шаьш оцу ловзарца шайна тIедоуьйтуш долу къа мел ду а, цуьнан тIаьхьло мел вон ю а.

    Цундела, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дешнашца а, цуьнан асхьабийн – Дела реза хуьлда цунна – Iамалшца а, Iелам-нехан – Дала къинхетам бойла церах – аларшца а довзийта хьовсур ду вай, оцу ловзаран хьукм а, цуьнан къа а, цуьнан волла а.

    Нардех левзинчо шена тIе, «АллахIана а, Цуьнан Элчанна а Iеса хиларан» куц доуьйту

    Абу Муса Ал-АшIарийгара – Дела реза хуьлда цунна – схьа деана, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла:

    «Нардех левзинарг АллахIана а, Цуьнан Элчанна а Iеса хилла».[1]

    Нардех ловзучо ша тарво хьакхин жижиг а, цуьнан цIий а лелочух

    Бурайдатера – Дела реза хуьлда цунна – схьа деана, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Нардех левзинарг тера ву шен куьг хьакхин жижиг юккъе а, цуьнан цIий юккъе а доьллинчух».[2]

    Нардех ловзучаьрга салам луш дац

    Iелас – Дела реза хуьлда цунна – нардех ловзучаьрга салам долуьйтуш ца хилла.[3]

    Кхин а, СаIид ибн Джубайра – Дала къинхетам бойла цунах – ша нардех ловзучарна тIеволучу хенахь цаьрга салам луш ца хилла.[4]

    Нардех ловзург чуволла хьакъ долуш ву

    Iелас – Дела реза хуьлда цунна – шена нардех ловзуш нах карийча, уьш чубухкуш хилла, цхьаберш Iуьйранна сарралц а, вуьйжаш делккъалц а. Iуьйранна сарралц чубухкурш ахчанах ловзурш хилла, делккъалц чубухкурш самукъанна ловзурш хилла.[5]

    Нардаш чохь латто мегаш дац, уьш кегйан езаш ю

    НáфиIа – Дала къинхетам бойла цунах – дийцина, IабдуллахI ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – шена шен доьзалах цхьаъ нардех ловзуш карийча, цунна тоха а тухий, нардаш кег а йой, тIаккха уьш ягайойтура аьлла.[6]

    Нардех ловзар даккхийчу къиношна юкъадогIуш ду

    Лакхахь дийцинчу хьадисашна тIе а доьгIна, Iелам-наха аьлла: нардех ловзар даккхийчу къиношна юкъадогIуш ду.

    Иштта, иза доккха къа хилар довзийтина, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Аз-Завáджир» жайни тIехь, нардех ловзар дуьйцучу дакъана иштта цIе а тухуш: «Диъ бIе шовзткъе доьалгIа доккха къа – нардех ловзар». Цигахь цо далийна нардех ловзарх лаьцна долу хьадисаш а, Iелам-нехан дешнаш а.[7] Церах цхьадерш ду вай лахахь хьахор дерш.

    Нардех ловзучуьнан тешалла къобал деш дац

    Имам Ал-АзруIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Нардех лаьцна деана дерг довза а девзаш, иза дагахь а долуш, церах левзинарг – динца нисвалар кхачаме доцу стаг лорур ву иза, тешалла а тIелоцур дац цуьнан, иза муьлхха махкахь велахь а, … чIагIдина ца магийна долу хIума цо дина дела».[8]

    Уьзза маьIна долу дешнаш аьлла Имам Ал-Мáвардийс а, Имам Ал-Iамрóнийс а, Имам Ар-Рýйáнийс а, кхин а дуккха а Iелам-наха а.[9]

    Нардех тера долчу ловзарех ловзар нардех ловзар санна ду

    Нардех ловзаран хьукм а, цуьнан хьарамалла а, цуьнан волла а евзинчул таьхьа, довза деза: нардех тера долу кхидолу ловзарш а - хьекъална а, кхетамна а, ойла йарна а тедоьгIна а доцуш, хила мега, хила тарло, нисдала мега, хIотта мега бохучунна тIедоьгIна долу ловзарш - дерриге а нардаш санна хьарам ду ШариIатехь.[10] Цундела, кехатех ловзар а, и санна долчу кхечу ловзарех ловзар а хьарам ду.[11]

    [1] Абу Давуда а, Ибн Маджас а, Ахьмада а, Хьакима а кхечара а дийцина иза.

    [2] Муслима а, Абу Давуда а, Ибн Маджас а, Ахьмада а, Хьакима а, кхечара а дийцина иза.

    [3] Бухарис «Ал-Адабул-Муфрид» тIехь дийцина иза.

    [4] Ибн Аби ШайбахI, «Ал-Мусаннаф» тIехь.

    [5] Бухари, «Ал-Адабул-Муфрид».

    [6] Малик, «Ал-МуваттIаъ»; Ат-ТIабарий, «ТахIзúбул-áсáр».

    [7] Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Аз-Завáджир Iан Икътирóфил-Кабáир».

    [8] Уьзза жайна.

    [9] Уьзза жайна.

    [10] Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «МугIнил-Мухьтáж».

    [11] Ибн Iусаймúн, «Фатáвá ИслáмиййахI».