×
Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) яздина долу «Дикчу нехан бошмаш» (Риядуссолихьин) цIе йолу жайна чIогIа дезчу жайнех ду. ХIунда аьлча цо гулдина долу дела шена чохь, бусалба стагана а, зудчунна а хIора дийнахь шен дахарехь а, Iибадат дарехь а оьшуш долу хIуманаш. Ткъа хIокху жайни юкъара хьадисаш дерриге – цхьа кIеззиг дерш доцург – нийса хьадисаш ду, хIара жайна кхин башха доккха а дац, атта а ду, бусалба дин довзарехь доьххьара дIаволалуш волчунна а, Iилмангахь генаваьллачунна а цхьатерра пайдехь а ду. Цундела хьакъ ду хIара Iамо а, деша а.